Керлачу шарна лерина цхьанакхетар

26.12.2017

Къовсам д1абахьар.

1-ра къовсам. Маршалла хаттар.

2-г1а къовсам. Довзийтаран дош. Йовзуьйту шайн тобанийн ц1ераш 7»а»-«Елканаш»,7»б»-«Лайн мижаргаш», 7»в»- «Лайн чимаш».

3-г1а къовсам. Керлачу шарца декъалдарш.

7 «а» Керлачу шарахь дикано не1 йоьллийла хьан х1усаман!

Вайн дегнийн цатамаш, чевнаш

Д1аэцна шира шо г1ойла,

Беркатца хазахетарш, кхаьънаш

Керлачу шаро дохьийла.

7 «б» Оха даггара декъалдо шу Керлачу шарца!

Халхета вайн шераш г1аш сана оьгуш,

Кхин юха ца дерза д1адоьлху уьш.

Керла шо дог1ийла ирсах ца хьоьгуш,

Дагахь доцчу диканца не1арш йоьллуш.

7 «в»Массеран деган лаамаш кхочушхийла шу керлачу шарахь!

Керла шо т1едог1у синкъерам бохьуш,

Цатамийн дегабаамийн мохь охьабилла.

Гергарнаш бог1ийла хазахетар дохьуш,

Цхьанакхетар массеран ирсаца хийла.

4-г1а къовсам. Уггаре хаза духар долу Лайаьзни къастор.

5-г1а къовсам. Йиш лакхар (керла шо)

6-г1а къовсам. Х1етал-металш:

Х1етал - метал хаийла шуна: йоьдуш - яьсса,йог1уш – юьзна? (К1удал )

Х1етал - метал хаийла шуна : лакхахь лам леста, лахахь ло дог1у? (Цаца а, ахьар а)

Х1етал - метал хаийла шуна : ког ц1а чохь, корта арахь? (Хьостам)

Х1етал - метал хаийла шуна: хьалаерзийча яьсса, охьаерзийча, юьзна? (Куй)

Х1етал - метал хаийла шуна : уггар лаьттана юххехь долу сацрат? (Малх)

Х1етал – метал хаицла шуна: уггар г1айг1ане дитт? (доьлхуш долу дак)

7-г1а къовсам. Г1ура-дадин сурт диллар.Хочу такой сайт

8-г1а къовсам.Стихотворени йийцар.

Керла шо.

Шарип Цуруев

Гулло, бераш, арадовла –
Керла шо ду кхочуш тIе,
Дуьхьалкхеттарг шайна новкъахь
Кху суьйренца декъалве.

Лайца беттан серло яьржа –
Цу хазаллин тергое.
Хуьлда ойла цIена, маьрша,
И ло санна, беркате.

Арадовла – ГIура-Дада
СовгIаташца вогIуш ву.
Керла шо вай бертахь даздахь,
Цо уьш вайна доькъур ду.

Иллеш ала, хелхадовла,
Дегнаш дахарх Iабаде.
Дуьхьалкхеттарг шайна новкъахь
Дезчу денца декъалве.

Керла шо!
Керла шо, хьо марша дог1ийла,
Къаьмнашлахь машаре некъ гойтуш.
Хьан 1уьйре а, суьйре йог1ийла
Сирлачу з1аьнаршца йовхо луш.

Керла шо, д1адахнарг санна,
Барт ч1аг1беш, машаре хуьлда.
Зевначу эшаршка девлла,
Декийла вайн берийн аьзнаш.

Керла шо, декъала хуьлда хьо,
Адамашна ирсе некъ хьоьхуш.
Ехийла машаран йовхо,
Д1аэхарх б1ешераш,декаш...

9-г1а къовсам. Дешнаш гочдар.

Снежок – лайн мижарг. Снежинка – лайн чим. Сани – салаз. Снегопад – ло диллар. Каток – шаршол (для катания). Снегурочка – лайаьзни. Снегоуборная машина – ло д1адокхху машина. Катание на коньках – канкеш хехкар. Санный путь – салазан некъ. Сановник – санхо. Сасулька – кхазарг, ша. Елка – база

Снегопах – лоохург.

10-г1а къовсам. Хьа ша сиха башабо.

11-г1а къовсам. Нохчийн кицнашна дуьхьал цу маь1не долу оьрсийн кицанаш далор.

«Сатоьхначу салтечух эпсар хилла» - «Терпи, каза,к атаманом будешь»

«Цхьаьна буьйна ши хорбаз ца хоьу» - «За двумя зайцами погонишься, ни одного не поймаешь»

« Духаре хьаьжжина т1е а оьцу, хьекъале хьаьжжина новкъа вокхху»- «По одежде встречают, по уму провожают»

« Тахана дан дезарг кханенга ма тетта»- «Не откладывай на завтра то, что можно делать сегодня»

12-г1а къовсам. Сиха мандарин яар.

13-г1а къовсам. Лайн мижаргаш гулбар.

14-г1а къовсам. Сочинени яъяр.

15-г1а къовсам. Забаре сценкаш.(сада1аран минот)

Дерзор . Хьехархочун дош.

Вайн цхьанакхетар дерзош ала лаьа: «Ц1къа а ма хедийла вайн юкъара марзо» Баркалла хьешашна а, жюрина а, дакъалацархошна а, дешархошна а массарна а. Керлачу шарахь массеран аьтто хуьлда вайн!

Просмотров всего: , сегодня:

Рейтинг: . Оценили: .

Дата создания: 13.09.2018

Дата обновления: 04.10.2018

Дата публикации: 26.12.2017

Наверх
На сайте используются файлы cookie. Продолжая использование сайта, вы соглашаетесь на обработку своих персональных данных. Подробности об обработке ваших данных — в политике конфиденциальности.

Функционал «Мастер заполнения» недоступен с мобильных устройств.
Пожалуйста, воспользуйтесь персональным компьютером для редактирования информации в «Мастере заполнения».